АДАМАН СИЙЛАЛЛИН БУХ – ЦIЕ (имя свое, огонь в очаге и дом, в котором живешь – являются для чеченца остовом, на котором он воздвигает такие ценности как честь и достоинство)

Наименование: АДАМАН СИЙЛАЛЛИН БУХ – ЦIЕ

Форма выражения ОНН: АДАМАН СИЙЛАЛЛИН БУХ – ЦIЕ (имя свое, огонь в очаге и дом, в котором живешь – являются для чеченца остовом, на котором он воздвигает такие ценности как честь и достоинство)

Язык: Чеченский


Тип объекта: Устное Народное Творчество, Фольклорная Проза


Краткое описание ОНН: На чеченском языке имя человека, которым его нарекли в детстве, огонь в очаге, который поддерживает жизнь в доме, и сам дом, в котором родились и живут родственные души, и согревает своим теплом гостя, имеют один и тот же корень – цимя, огонь – в зависимости в каком контексте произносишь. Это означает, что эти три слова одинаково ценны для народа: опозоришь имя свое – ц, потеряешь честь, дашь потухнуть огню в очаге (цIе), потеряешь честь, опозоришь дом, в котором живешь – ц (цнош – мн. ч.) – тоже потеряешь честь. О значении для каждого чеченца смысла и значения этих трех слов и всего, что стоит за их величием и говорится в данном объекте. Например, что означает для чеченца имя, кто имеет право дать его ребенку в семье; что означает для чеченца родной очаг; кто, как создает и каким светлым, теплым, гостеприимным и почитаемым должен быть дом чеченца.


подробнее...

– Хьан йоккху цIе а, кхерчара цIе а, хьо веха цIа а цхьа орам болуш гергара дешнаш ду, – олура Шелахь ваьхначу къаночо Уциев Юсупа а (106 шо), Мескер-Эвларчу вахархочо Хатуев Iарбис а (76 шо). – Ахь шайн сий лардахь, дуьненахь а, эхартахь а декъалво хьо цара. Амма, шайх муьлхха цхьанна эшам бахь, Далла а, нахана а хьалха сийсаз а воккху.

Хьалхара шиъ-м кхеташ дара. ЦIа – боху дош муха догIу цаьршинца? – хатта тарло хьал ца хуучо.

Оцу хаттарна иштта жоп делира Надтеречни кIоштан Лаха Неврехь ваьхначу, нохчийн меттан Iилманчас, фольклорталлархочо, халкъан академика Джамалханов Зайндис (90 шо):

– Адаман цIецIерш; кхерчара цIецIераш дешнашкахь санна, цIе хуьлу вайн цIа – бохучу дешан дукхаллин терахьан орам а – цIенош. Кхетош аьлча, а элп е элпе доьрзу кхузахь.

– Нохчийн халкъо даима в а, ворах а лийрина нийса, бакъ, хьанал, оьзда, къинхетаме, собаре хиларца, шен яккха цIе йоцу стаг, – олура Шелахь ваьхначу къаночо Дадалов Мохьмада (136), – халкъан кицано ма дуьйццу: «Шен яккха цIе а йоцуш, дай, дедай хестош веха стаг воцу стаг».

– Шен дикачу амалшна тIе, шегахь яхь, доьналла, стогалла, деллачу дешан а, иштта ша диначу нигатан да хилар а эшна нохчочунна, халкъо, ларам беш, шех Къонах ала, – тIедузу Джамалханов Зайндис, – бакъду, Къонах – цIе яккха, муьлххачу а нохчочунна, шега орца дехча, дIахахка дин а, юьртана, махкана тIебогIу бохам юхатоха герз а эшна. Шен динахь, шегарчу герзашца гайтинчу йист йоцчу доьналлин хьуьнарийн лорах тиллина халкъо нохчочунна Къонах боху еза, лараме, сийлахь цIе – къона, нах болчу нахах стаг. И Къонах-стаг, кхечу нахах къасто а, вовза а шайна атта хилийта, цунна и еза цIе туьллуш, даима коьртахь лело совгIатана лекха бина сур-куй (сурам-куй) луш хилла нохчийн тхьамданаша.

– Сур – дуккха а адам, тоба бохург ду, – билгалдоккху ШаIамин-Юьртарчу Берсанов Хожа-Ахьмада (90), – Иштта, и адам вовшах а кхетий, дуккха а наха я халкъо къобалдарца, туьллуш хилла генна дIаяханчу хенахь доьналлица волчу стагана Къонах – цIе. Вайн заманахь, дика я ледара вара аьлла, къес­тораш доцуш, хIора стагах вай олу «боьрша ста» маьI­нехь лела дорах дош – «къонах» ца хилла и. Деза дош хилла, йист а, барам а, чот а йоцуш.

– Лекха куй коьртахь, Къонах вогIуш вайча, цуьнан ларамна, мел луьра дов а сацош хилла дайн хенахь, оьгIазбахана, чуччабахана бохкучу наха, – дуьйцура Уциев Юсупа. – Шайна юкъахь лелларг къастош, цо тIеэцна сацам я бина барт къобал а бора. Дера бора, цул тIаьхьа и дов юхакегийнарг махкахь а осал стаг а лорур волуш-м. Къонахийн, оцу къонахех хиллачу къанойн-тхьамданийн бен бакъо ца хилла ширачу хенахь лекха куй лело. Цунах оцу куйнах бевзаш хилла халкъана, мичча меттехь а, шен сий-ларам болу Къонахий.

Къонахий а, нах боцу нах а, цхьана могIарехь нисбеш, адамана туьллу цIе шен мехехь вай лахъяйтар ду, вай дохийнарг, – олура, Ичкерин кегарин мах хадош, махкахь а вевзаш хиллачу Iеламстага Гаркаев Мадин Махьмуда (70) – Жима АтагIа, Шелан кIошт.

И дешнаш бакъхилар тIечIагIдо нохчийн къоман барта кхоллараллехь дехачу халкъан турпалаллин Иллеша: Мадин Жаьммарзин, Жумин Акхтулин, Таймин Бийболатан, бенойн Аьстамаран, мартанхойн Дудин, Шотин Аьстамаран, БахIадаран Муьстаган, кхечу турпалхойн а ларамана даьхна долчу.

– Вайн заманан а бу шен Къонахий, тIекхуьучу чкъуре шайх масал эцийта, бийца, бовзийта, дийнахь а, буса а хесто хьакъ долуш, – билгалдоккху Соьлжа-ГIалахь вехаш а, болх беш а волчу исторически Iилманийн доктора, профессора Гарсаев Лечас (66), – масала, Нурадилов Ханпаша, Мазаев Маташ, Магамедмерзоев Хаваж-Бауди, Идрисов Абухьаьжа, халкъ кхаа тIеман балех а, лоллех а хьалхадаьккхина Россин Турпалхой Ахьмад-Хьаьжа, Рамзан КадыровгIар, кхиберш… Къонахчун лараме кхача гIерташ, дукха къа хьегна нохчочо. Къузахь, уггаре хьалха цо ларъян езнарг ю, дуьненчу ваьлча дас, дедас, шена тиллина, адамо адам билгалдоккхуш йоккху цIе – шена тиллина цIе. И ю и, адамана дуьненчу даьлча туьллуш йолу цIе, нохчийн стага, ша велла а, ларъяр лийрина.

Хьенан бакъо хилла, дуьненчу даьллачу божаберана и цIе тилла? Оцу хаттарна жоп лохуш, нохчийн дукха ярташкахь, кIотаршкахь хилла хIокху белхан автор. Иттаннаш къа­ношца, лоруш болчу нахаца а къамел деана.

Божарша а, зударша а цу тIехь хьалхара бакъо дуьненчу ваьллачу кIентан дедегахь юьтура. Цуьнан деда вацахь – дегахь. Дуьненчу валале, да велла, байлахь висинехь – дехойх хьалхарчехь… Амма, зудчуьнгахь, иза милла елахь а, цкъа а, цхьана хенахь а хилла яц божаберана цIе тилла бакъо – чIагIдора массара а. «Зудчо цIе тиллинчу божаберах къонах ца кхуьуш, котамах нIаьна хир яра», – боху дайн кицано.

– Дуьненчу ваьллачу кIантана яккха цIе туьллуш верг, и бер къонахаллех дуьзна кхиийта, шен дикаллица гоьваьлла хилар лийрина халкъо. – дуьйцу Соьлжа-ГIалин вахархочо, вевзаш волчу поэта-композитора, илланчас Усманов Iимрана (65). – цундела, дукха хьолахь, и деда ша а ца хIоьттина, шен беран берана нахалахь яккха цIе тилла. Лахьанна уьстагI а боьй, оцу балхана цо хьошалгIа кхойкхуш хилла, юьртахь я кIоштахь лоруш болчу нахах, стаг.

– Ша цIе тиллина ваьлча, шен тароне хьожжий, керла дуьненчу ваьллачу кIантана Къонахчо совгIат деш хилла юкъ ехкаран гIирсашца: шаьлтанца, доьхкарца я шинцце цхьаьна. – дуьйцу Соьлжа-ГIалахь болх беш а, вехаш а волчу политичиски Iилманийн кандидата Дадуев Мохьмада (67), – иштачу хьолехь дин баларх долу масалш далош а хезна суна. Дедас а, дас-нанас а, берана гуттар гун долчу меттехь дIаоьллина я дIахIоьттийна латтийна къонахчун и совгIат. Пхийтта шо кхаччалц йолчу хенахь, хIора дийнахь цунна шена цIе тиллинарг а, и совгIат динарг а мила ву, ша муха, хьанах тера, мила санна, нийса, бакъ, хьанал, собаре, яхь, стогалла, доьналла йолуш кхиа декхарийлахь ду хаийта.

– Берана цIе туьллуш хазачу, кIедачу озаца цуьнан аьтто лерехь моллалла кхойкхуш ду вайн Iедалехь, – хоуьйту Шалажехь вехаш волчу Расуев Мохьмада (107), – аьрро лерехь къамат до. Цул тIаьхьа, и цIе беркате хийлийтар доьхуш, доIа а дой, сагIина лулахь чIепалгаш, хингалш дIасадоькъу. ТIаккха – мовлад йоьшу.

– Пхийтта шо дуьзча, шен цIе кхидIа а ларъяйта, и цIе тиллинчу къонахчо ша йоьхкуш хилла хьалакхиъна, жима стаг хиллачу оцу беран юкъ а, – дуьйцура Джамалханов Зайндис, –. Цул тIаьхьа а, цунах вуьззина къонах-нохчо варехь, кIентан ден-ненан шен таро йолу гIо-накъосталла а лаьцна.

– Сан дешича Iаббаз дуьненчу ваьлча, хьошалгIа йогIу аьлла, хаам баийтина йолу, Иласхан-Юьртарчу Хьаьжин йоI (Дала къайле тойойла) Эсет схьакхачаре хьоьжуш, шина кIира­нах цунна цIе ца туьллуш Iийна хиллера да-нана, – дуьйцу Веданахь вехаш, Iаш волчу къаночо Ибахиев Ахьмад-Хьаьжас (85 шо). – И цIе везачу ден йоIа тилла лиъна олура царна. Схьакхаьч­ча, Эсета шен бакъо яц аьллера цаьрга, божаберана цIе тилла. Шайна бевзачу нахах тоьллачийн цIеш яха, царех къастор ву ша. Иштта, сан дешичина Iаббаз цIе йолчу Къонахчуьнга шен цIе а тиллийтина, цуьнца доьзна, Делан Элча вазвеш, мовлад йоьшуьйтуш, зикар дойтуш, кхеран доьзалехь ши де-буьйса а даьккхина, дIаяханера Хьаьжин Эсет…

– Цу кепара, доккхачу, дезачу жоьпаллин гIуллакх лору нохчийн хал­къо божаберана цIе тиллар. – чIагIдо Эвтарахь вехачу дуьненан халкъийн латарийн говзанчас, эногрофа Абубакаров Сайпудис (66). – Я цунах вуьззина кханенан стаг кхиар, цунна и цIе тиллинчу Къонахчун беркатах дозуш ду олу. Цундела, ша цIе тиллинчу бере, шен цIе йожа ца яйта, оцу Къонахчо а боккха тергам латтийна берах кхиъна стаг нахана юкъахь нийса, бакъ, хьанал вахарна тIехь.

Цунах схьадевлла ду тахана а дехаш долу нохчийн халкъан аларш: «Шен яккха цIе йолу къонах», «ЦIе яххана оьзда стаг», «Шен цIарах вевза стаг», «ЦIе а яц цуьнан стеган», «Шен цIе йожийна», «Дайн цIе ларъеш вац», и. кх. дI. а.

Зуда ялор-йигарца доьзна, нахаца гергарло дар юкъадаьлча, мел еза елахь а, и шен цхьа цIе ца тоьъна нохчочунна йоьIан нах шеца гергарло доза реза хила. ВорхIанга кхаччалц йийца, наха шен дайн яьхна цIерш тIеэшна. ЙоIана – ворхIанга кхаччалц дайн а, нанойн а цIерш.

Кхечу кепара аьлча, цIена, оьзда, лараме хила безна боху нохчийн халкъо, шех стаг хила, дуьненчу деъначу хIора а адаман Къонахийн цIерех лаьтта орам. Я шайна юкъахь осал лара, ледара нах боцуш.

Цунах кхетам балар дехча, иштта дара Нажин-Юьртан кIоштан Бенойн-Веданахь вехачу Алхазов IабдулгIапура (72) тхуна делла жоп:

– Ша хьенан, мила ву а, шен орам цIена хилар гайта а, хIора нохчочунна тIехь ду мел кIезиг а ворхIанга кхаччалц болчу дайн цIерш хаар. Церан Iер-дахарх а, адамашца леллачу дикачу гIиллакхех а лаьцна дало масалш хилар – кхин а деза ду.

Дуьненчу яьллачу йоIана цIе тиллар а деден карахь хилар кхетадо тхан къамелаш хиллачу къаноша (информаторша). Цо, шен харжамца, и болх тIебилла дарло беран денанна (шен хIусамнанна). Нагахь иза яхь, юьхь, эхь-бехк долуш, лулахоша, юьртахоша лоруш, мехкарий шега нисбала хьакъ йолуш, доллучунна тIехь а дика стаг елахь. Ткъа, кIеззиг а цу тIехь шен шеко елахь, юьртахь, кIоштахь, махкахь цIе йоккхуш йолчу йоIах тешийна. Шен кIентайоI, и санна оьзда, хьанал, яхь, нохчолла йолуш кхиийта. Кхузахь совгIат, шайн берана цо шен цIе яларна тIера ларам беш, оцу йоIана дIаделла нохчаша…

– Тхан цIийнан хьалхарчу стага Борахан Iалис, кIант велахь а, йоI елахь а, ша тохкура шен берийн берашна цIерш, – олура Уциев Юсупа. – Капказехь цIе йоккхуш, Къонах вара тхан юьртара (Шелара) Девдин Iусман. Цо а ша тохкура шен доьзалийн доьзалшна а, йиша вешин доьзалшна а цIерш. Я ша санна, яхь йолуш, оьзда, доьналлехь кхиаре дог дохура уьш. Баккъалла а, шен даге хьаьжча санна, Дала цу тIехь цунна дика а ма динера: шайгахь нохчийн наха лоьру массо хаза амалш хилла ца Iаш, кIант а, йоI а, цхьатерра доьналла, яхь йолуш, ийманехь кхиънера церан.

Тахана санна, тесна дуьтуш ца хилла дайн хенахь нохчийн наха шайн бераш. ХIоранна ша хьенан, мила ду а, шен цIе а, и тиллинарг мила ву а (я ю), ша муха, муьлха некъ харжа беза а кхетош, куьг лаьцна бохург санна, дигна шайн хинйолчу кханене. Дигна цаьрга шайна техкина цIерш а ларйойтуш.

Шех нохчо мел эриг вац шуна, йохарх ларъеш, вайга кхаьчна нохчолла кху дийне схьаеънарг, – олура Ной-Боьрахь ваьхначу къаночо Эльдаров IабдулкъахIира (76). – Обаргаш бина, тоьпаш йиттича а, махках баьхна, 13 шеран бала Iовшийтича а, тIаьхьарчу шерийн кхо тIом коча боьллича а, къар ца луш, къонахий хиллачу наха шайн къонахийн цIерш техкина, уьш ларъеш, къонахийн некъа тIехь чекхбовла доьналла тоьъна къонахий нах бу.

Кхерчара цIе. Адаман, ша адам хиларх болу кхетам кхиъча, цунна дахарехь шен хьашт-дезарш девзича, латийна ю, олу кхерчара цIе. Нагахь цхьадолчу къаьмнийн и латош, дIайойъуш, юхалатош лелор могуьйтуш хиллехь, бIаьрган негIар тухучу юкъа­на а шайн кхерчара цIе дIаярах ларбелла нохчийн нах. И кхетош ду дайшкара схьадогIуш, кху дийне кхаьчна: «Хьенехаран хен чоьхьабаьлла», – боху хабар.

Я даима а бовха хилар лийрина нохчийн наха шайн кхерч: сирла а, сема а, хьеша-дена комаьрша а.

«Кхерчара цIе йойла хьан!» – бохучул боккха сардам ца хилла ширачу хенахь болла. Я тахана а бац. «Даима бовха, токх латтийла шун кхерч!» – оцу дешнел дика а ца хилла, ша лоручу стагана лаа.

«Стаг волчу стеган кхерчара цIе хада амал дац», – боху халкъан кицано. Цундела, иштта еза а, лараме а ю къонахчунна шен кхерчара цIе. И дIаяйча, белла лору нохчаша шайн кхерч.

Кхерчкхиэра + ча – бохург лору цхьаболчу къаноша оцу дешан маьIна. Адам дехачу, адамо хIу + самадоккхучу (хIусам), хьаша-да тIаоьцучу меттигах къахка, кхиэра, тхуна зиэнаш дан ма гIерта ча.

Ширачу дийцаршкара девзина, хууш ду шен хенахь, хьаннашкахь ирзуш дохуш, ярташ, кIотарш, бIаьвнийн кхерчаш бохкуш, баха охьахевшинчу нохчийн доьзалшна уггаре майра, доьналлехь хиларца евзина акхаро, ча хилар. Тхан къамел деъначу наха билгалдоккху шаьш мацъелча, къаьсттина йочане йогIучу хенахь, юург йоьхуш черчаша, гоьргаш кхуьйсуш нохчийн доьзалш паргIат баха а, Iен а, чу-ара бовла а буьтуш ца хиллий.

– Черчашна а, кхечу акхарошна а шайн кхерч дийна хилар хаийта, акхарой шаьш бехачу меттигана тIе ца гIертийта, дIакъахко а, иштта туьнкалгех хьалабуьйлучу кIуьраца хьаша-да тIевеха а, шаьш латийна кхерчара цIе ца хадийтина нохчаша.дуьйцура Эльдаров IабдулкъахIира.Иштта, нохчийн наха нохчийн къам дийна а, шайна йита, тIевогIучуьнца екъа син йовхо йолуш а хиларан билгало лийрина кхерчара цIе цахадийтар.

Цунах лаьцна шен ненан нанас Мугин Сарухас (яьх­на 140 шарахь) белла кхетам бовзуьйту БIаьчи-Юьртарчу Аслахаджиев Iелин Шемала (72 шо):

«Нускал долуш, аса кхерчахь латийна цIе, Сибарех дуьгуш, тхан бертаза, дIаяйъира Iедало, – олура цо.  – Цигара цIа даьхкича, юхалатийнарг, со еллачул тIаьхьа бен, дIаян амал дац…»

Тхайн дагадовлар хиллачу баккхийчу зударшка: ЭгIаштарчу Дазин Шумийсате а (109), Гелдаганарчу Чакалан Хьасанте а (101) шаьш буса дIадуьйшуш а, йовхачу заман чохь а кхерчара цIе муха ларйина дийцар дийхира оха. Тхан жимчу хенахь ду и (50 шо хьалха).

Пиэшахь, шаьш тIе юкъ а хьокхуш, соне дIагулйина алу гайтира шимма а. Оцу алуца «йижина» юьту шаьш буса а, дийнахь а, бохура, цIе. Юург-мерг кечъян а, чохь шийла хилча, йовхонна а, цIарца хьашт хилча, ма-дарра, леррина цунна кечйинчу биргIи чухула (дечиган хилла и трубка шен хенахь) хIуп а олий, юха марса а йоккхий, дечиг туьллуш, тIекхиош а гайтира…

«Iад Iейша, хьера даьлла къамел а ца деш, – олу и хIума хьахаделча, чувеъначу лулахочо. – Тахана хьанна оьшуш ду, латош, дIайойъуш, юха латош, «сема» я «йижина» лело шун цIе ловзор. ДIахьовзийна, сирник ма Iоьтти, кийчча газ ю массо цIен тIехь. Дечиг, кIора лелоран балех хьалхадаьлла адам! ЦIа дуьйла, вилспет юхаян гIертарш! Зама кхиъна, туристаш космосе а лелаш».

– Латош, дIайойъуш, юхалатош лело цIе бен яц, хьайн доцчу хьекъал­ца, хьуна а, хьо санна волчунна а кхерчарчу цIарехь гуш ерг, – олу, цо дуьйцург хезначу Уциев Юсупа. – Хьан боху, ширачу хенахь санна, оьшу чохь, а ца оьшу чохь пиэш я товха яй, дечиг дагаде. Нагахь хьуо нохчийн хIух а, нохчийн цIийх а велахь, хьайн цIеран, кхерчахь йогучу цIеран (хуьлда и газ тIехь а), хьуо вехачу цIенойн сий мел лараме, мел деза ду хаа боху. Боху, муьлххачу цIарца гулйина елахь а, деца-ненаца, йиша-вешица, лулахошца, тIевеанчу хьешаца екъа йовхо хилийта хьайн кхерчахь, иштта къоман оьзда гIиллакхаш, дика Iадаташ, башха ламасташ лардан а хаа. Царех хьайн тIаьхьешна нийса кхетам ло а. Я, турист хилий, оцу хьайн космосе хьала а гIой, юха охьа ца вогIуш, цигахь виса.

Нохчочун шен цIе, кхерчара цIе тIеюзуш, цуьнан дахар кхоччуш ирсе дина ца Iаш, цуьнан доьзале хьеша-ден беркат дохьуш а хилла ду и веха цIа. Дукхаллин терахьехь – цIенош (цIе + нош) – я цуьнан цIе ношъелла – иза ша а, доьзалш а дуьненчу бевлла меттиг.

Билгалдаккха деза, шайн кхерчарчу цIеран сий а, ларам а нохчаша шайна тIебогIу хьеший дукха-кIезиг латтарца дуьстина хилар. «Хьеший лаьт­­­та­чу хIусаман кхерч а хуьлу бовха», – боху халкъан кицано. Я: «Шен йоккху цIе санна, еза а, лараме а, хьешана йовха а хир ю къонахчун кхерч бохбеш йогу цIе».

Нохчочунна даима деза а, сийлахь а хилла ду ден цIа. Иштта лараме ю цунна халкъо тиллина шолгIа цIе а – дайн хIусам.

– Шен маьIна дича – дайн хIу + сам – дайн хIу самадаьл­ла я адам дуьненчу даьлла меттиг бохург ду и. – кхетадо Джамалханов Зайндис. – Ткъа вайн цIацIе + нош – бохучу дешан маьIна иштта хир ду – цIе + ношъелла меттиг – адамана тиллина цIе ношъелла я иза дуьненчу даьлла, доьзалш кхиош дехаш-Iен меттиг.

Схьагуш долчу суьртехь, йозаллин цхьа маьIна долуш, нохчаша шайх даима цхьатера пайдаэцна, гергара дешнаш хуьлу цIенош а, хIусам а.

– Цхьа хIума ду кхузахь дика кхетор оьшуш, тIетуха З. Джамалхановс. – Дахарехь олуш а хезна, нохчийн литературехь ехачу цхьайолчу произведенешкахь деша а дешна вай: цIено аьлла, яздина дош. И нийса лерича, цIенош дешан орам цIено нислур бара. Амма и нийса дац. Нохчийн маттахь цхьана цIийнах – цIа олу. Ткъа уьш дуккха а хилча – цIенош. Цундела, цхьана а кепара шеко хила амал дац – цIенош бохучу дешан орам – цIе бен хуьлийла цахилар.

Массарна а кхеташ ду нохчийн маттахь – цIа – ша къаьстина цхьа чоь хилар: хьешан цIа, берийн цIа, йишин цIа, вешин цIа и. дI. кх. Цундела, цхьаъ шена ваьлла, керла гIишло йина, ваха охьахиъча, цIа дина хьенеха ца олу нохчийн маттахь. Хьенеха цIенош дина олу – я хьенехан цIе ношъяла йоьлла – бохург хуьлу и.

Шен цIе, кхерчара цIе санна, ларъеш схьаеъна нох­чийчо шен цIийнан цIе а. «Шен цIийнах, цIарах валар – валар ду нохчочунна», – боху нохчийн халкъан кицано. Я: «Хьо Iаш волчу чохь, ахьа нахана хьалха малар хIоттор – хьайн цIа, хьайн кхерч эвхьазбаккхар ду».

Сардамаш а кIезиг ца хезна вайна, нохчочунна вуон болх луу чохь, иза вехачу цIенна бухкуш: «КIур байла хьан цIийнан», «ЦIенна тIе богIу некъ ширлойла хьан, кешнашка боьдург – цIинлойла», – олуш. «Хьешана къахьлойла, цамгаршна марзлойла хьо веха хIусам». ХIусам йоьхча я оцу хIусамана цхьа вуон болх хилча, и йолчу ден дахар духу бохург ду и.

Цигара схьадаьлла, стеган доьзалех цхьанна тIе эхь деъча, церан цIийнах вуочу нехан бIаьрг я сардам бахана алар а.

Гергарлонаш билгалдоху чохь а ма олу нохчийн маттахь: «Тхан цIийнах стаг вара дIакхелхинарг», «Тхан цIийнан хьалхарча ву, машар беш хьалхаваьлларг». Кхузахь тхан цIий бохучу маьIнехь леладал, деза а, лараме а, сийлахь а хуьлий, къонахчун цIарна гуттар гергадогIу цIийнах боху дош.

Адам дуьненчу даларца – цунна цIе тилларца, цуьнан Iер-дахар дIахIоттарца – кхерчахь цIе латорца, шен цIе ношъяларца – цIенош догIа дезарца доьз­на кхо хIума цхьаьна тухуш, юкъара орам (цIе) болу цIерш а техкина, царна цхьатерра беза, сийлахь лерам а белла нохчийн халкъо.

Цундела ду хIокху балха тIехь вай и кхуьй а кхетам цхьаьна бийцар а, цхьаьна бовзийтар а, вовшех хоьттина, юкъара цхьа тема еш, дIаязбар а.

Баккъалла а лаа баьхна ца хилла нохчийн наха ширачу хенахь а, вайн заманахь а: цхьа орам болуш, нохчочунна деза а, сийлахь а дешнаш ду: шен цIе а (цIе + рш), кхерчара цIе а (цIе + раш), къонах веха цIа – а (цIе + нош).

Дерзорехь дало лаьа Хаьмби-Ирзерачу Вадаев Элбердан (90 шо) дешнаш:

– Муха, хIун нохчо хир вара, нахалахь дозаллица яккха шен цIе а, хьеша-деца дика декъа, кхерчара цIе а, тIаьхьарчу тIаьхьенна масал хилла лаьтташ, ша веха цIа а (цIе + нош) доцуш ваьхнарг? Ван а вац-кха.


Место бытования

Страна: Российская Федерация

Республика/область/край/автономная область/автономный округ/город федерального значения: Чеченская республика


Историческое бытование

Тип описания: История формирования

Страна: Российская Федерация

Республика/область/край/автономная область/автономный округ/город федерального значения: Чеченская республика


Тип описания: История бытования

Страна: Российская Федерация

Республика/область/край/автономная область/автономный округ/город федерального значения: Чеченская республика


Тип описания: История обнаружения

Страна: Российская Федерация

Республика/область/край/автономная область/автономный округ/город федерального значения: Чеченская республика


Принадлежность ОНН

Принадлежность: Чеченские обычаи и традиции


Ключевые слова

Адаман цIе, кхерчара цIе, вай деха цIа, сий, мехаллаш


Лицо, имеющее отношение к ОНН

Тип ответственности: Носители

  1. Магомед Дадалов (136 лет);
  2. Юсуп Уциев (106 лет),г. Шали;
  3. Магомед Расуев (107), житель с. Шалажи Урус-Мартановского района ЧР;
  4. Шумисат Дазаева (109), уроженка с. Агишты Шалинского района ЧР;
  5. Хасант Чакалаева (101), уроженка с. Гельдиген Курчалойского района ЧР;
  6. Зайнди Джамалханов (90), с. Нижний Наур Надтеречного района;
  7. Хожа-Ахмед Берсанов (90), с. Шаами-Юрт Ачхой-Мартановского района;
  8. Элберд Вадаев (90 лет), с. Хаьмби-Ирзе Ачхой-Мартановского района;
  9. Ахмат-Хаджи Ибахиев (85), житель с. Ведено Веденского района;
  10. Махмуд Гаркаев (76), с. Новые Атаги Шалинского района;
  11. Абдул-Кахир Эльдаров (76), с. Ново-Грозный Гудермесского района;
  12. Шамиль Аслахаджиев (72), житель с. Бачи-Юрт Курчалойского района;
  13. Абдулгапур Алхазов (72), житель с. Беной-Ведено Ножай-Юртовского района;
  14. Магомед Дадуев (68), житель г. Грозный ЧР;
  15. Сайпуди Абубакаров (66), житель с. Автуры Шалинского района;
  16. Лечий Гарсаев (66 лет), житель г. Грозный;
  17. Имран Усманов (58), жил и работал в г. Грозный.

Тип ответственности: Исполнитель

Фамилия лица: Уциев

Имя Отчество лица: Абу Ховкаевич

Дополнение к имени: Член Союзы журналистов СССР, член союзов журналистов и писателей Российской Федерации, писатель-этнограф

Место работы/адрес: ГБУ «Центр народного творчества» Министерства культуры Чеченской Республики


Тип ответственности: Исследователь

Фамилия лица: Уциев

Имя Отчество лица: Абу Ховкаевич

Дополнение к имени: Член Союзы журналистов СССР, член союзов журналистов и писателей Российской Федерации, писатель-этнограф

Место работы/адрес: ГБУ «Центр народного творчества» Министерства культуры Чеченской Республики


Тип ответственности: Хранитель

Фамилия лица: Уциев

Имя Отчество лица: Абу Ховкаевич

Дополнение к имени: Член Союзы журналистов СССР, член союзов журналистов и писателей Российской Федерации, писатель-этнограф

Место работы/адрес: ГБУ «Центр народного творчества» Министерства культуры Чеченской Республики


Тип ответственности: Эксперт

Фамилия лица: Гарсаев

Имя Отчество лица: Лечий Магомедович

Дополнение к имени: ученый-кавказовед,  доктор исторических наук, профессор

Место работы/адрес: Академия наук Чеченской Республики


Формы фиксации ОНН

Тип фиксации: Фотофиксация


Источники информации об ОНН

Классификатор ссылок: Литература и материалы

  1. Полевой материал, фотографии из личного архива А.Х. Уциева.
  2. Фото и видео материалы из архива ГБУ «ЦНТ» МК ЧР.

Регистрация ОНН

ОНН зарегистрирован: ГБУ «ЦНТ» ЧР ,CHECH040.

Полное наименование: Государственное бюджетное учреждение “Центр народного творчества” Чеченской Республики.

Post Your Comment Here

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *